Санкт-Петербургская общественная организация "Общество памяти игумении Таисии"
Праволавная литература, богословие, богослужебные книги, акафисты
191144
Россия
Санкт-Петербург
Санкт-Петербург
ул Кирилловская, 11
+7 (812) 710 37 30
Назад в раздел
И.А. Глухов


И.А. Глухов

Иван Александрович Глухов (1927–1999) Тульски областан Суворовски кІоштан Кулешово цІе йолчу юьртахь бакъахьарачу ахархойн доьзалехь дуьнен чу ваьлла, тІаккха керстанан тешар долуш а, эсала а, къахьега лууш а, адамашка дика терго йолуш а хьалакхиийна ву иза. Цунна дерриг а шен дахарехь кІеда-мерза езаш а, цо лоруш а хилла йолчу нанас, Евдокия Сергеевнас, иза кхиорна боккха Іаткъам бина. ТкъолгΙачу бΙешеран 30-чу шерашкахь доьзал Москва кхелхина бахара, цигахь Ивана 1945-чу шарахь школа чекхъяьккхира, тІаккха 1948-чу шарахь – гІишлошъяран техникум яьккхира, цул тІаьхьа Московски гІишлошъяран урхаллехь техникан болх бира. Иза Алексеевское цІе йолчу юьртахь Тихвински динан тобанан эмгараллин декъашхо вара.

Динан дешар деша лууш хиларна, И. А. Глухов 1951-чу шарахь Московски Духовни семинари деша дІатасавелира, тІаккха 1955-чу шарахь иза кхиамца чекх а яьккхира цо. Цул тІаьхьа иза Московски Духовни академи дІаийцира, тІаккха 1959-чу шарахь динан Іилманан кандидат хиларца иза чекх а яьккхира. Цуьнан дипломни сочиненин тема яра «Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьахІиттина болчеран зуламах а, цуьнан гучудаларх а». Академин Советан сацамца И. А. Глухов, профессорски стипендиат а вина, Академехь витира, инспекторан гІоьнчин дарж а луш. Семинарехь иза катихизис хьеха дІахІоьттира, Оьрсийн Динан тобанан истори, ткъа 1972-чу шарахь дуьйна дІа – Академера сектоведени. Оццу шарахь иза доцентан даржехь чІагІвина вара.

Шен къинхьегамна тІера И. А. Глухов везачу элан Владимиран III степень йолчу а, ларамечу Сергий Радонежскин II a, III а степень йолчу а, Патриарши грамотица а совгІаташ дина вара. 1995-чу шарахь цо Дезачу Лаьтта зиярат динера. Дахаран тІаьххьарчу шерашкахь иза Московски Берриг а Безачийн Делан цІийне лелачу динан тобанан декъашхо вара, цигахь иза, дІакхелхича, дІа а верзийра; Иван Александрович Благовещенск юьртахь дІавоьллина.

И. А. Глухов онддачу хааршна тІекхиъна а, къовламе экзаменаш дІаоьцу, лехаме хьехархо вара. Иштта, Дезачу Йозанаш тІера масех бІе дешнийн цхьаьнатохарш дагахь латто дезаш дара. Бухенийн бух болу, керстанийн дог-ойла кхоллаяларан гІад долу, Семинарин хьалхарчу курсехь цо юьйцуш йолу Катихизисан предмет безаме хилла дІахІуттуш яра. Иза Іамийначул тІаьхьа ерриг а йисина йолу предметаш Іамо атта дара. Дешархоша цуьнан предмет некъахь леларан низамашца юстура, иза хаарца атта доцчу дахаран гездаре новкъаволийла дара. И. А. Глуховна шен лекцийн маьІна шен ладогІархойн Керстанийн хьехардар синойн серладахарна тІехь гора. Иза даим а дайн еза агІонаш тІехь ондда лаьттара, иза экуменистийн а, кхечу конфессийн а векалшца цо къамелаш дечу хенахь къаьсттина гуш хуьлура. И. А. Глуховн лекцешка леррина ладугІуш хиллачара баркалле дагаоьхуьйту цунах лаьцна, инзаре а, гІараваьлла а, шен хаарш комаьрша студенташца доькъуш волу а педагогах санна дийца а дуьйцу.

Ешархошна дІахьееш йолу «Керстанийн катихизис» керстанийн дин лелор довзийтаран дІасадиллина долу куьйгалладар ду, цо тешарх а, сатийсарх а, безамах а лаьцна хьехамаш бо. Керстанийн тешарх болу хьехамах лаьцна доцца Тешаран билгалонаш тІехь дуьйцу. Цу тІехь, фокусехь санна, коьрта керстанийн билггал бакъдолчух лаьцна дерг тІегулдина ду. Керстанийн сатисаран хьехамах лаьцна доІанашкахь дуьйцуш ду, къаьсттина «Тхан Дада» бохучу Везачу Элан доІанехь а, декъалаллин Весеташкахь а. Керстанийн безамах болу хьехам Делан Іедалехь я Итт дашехь луш бу.

И. А. Глуховн «Керстанийн катихизис» Керстанийн бухан хьехам бу, цуьнца цхьаьна цо авторан синкхетаман кІоргалла а, цуьнан шен Деле долу тешар а, сатийсар а, безам а гойту.



Другие книги этой категории:

  • English English
    Orthodox Catechism
     
  • Deutsch Deutsch
    Orthodoxer Katechismus
     
  • Italiano Italiano
    La Catechesi ortodossa
     
  • Español Español
    El Catecismo Ortodoxo
     
  • Svenska Svenska
    Den Ortodoxa Katekesen
     
  • Suomi Suomi
    Ortodoksinen katekismus
     
  • Български Български
    Православен катехизис
     
  • Magyar Magyar
    Pravoszláv katekizmus
     
  • Ελληνικά Ελληνικά
    Ορθόδοξη κατήχηση
     
  • Română Română
    Catehismul ortodox
     
  • Eesti Eesti
    Õigeusu katekismus
     
  • Українська Українська
    Православний катихiзiс
     
  • Беларуская Беларуская
    Праваслаўны катэхізіс
     
  • ქართული ქართული
    მართმადიდებლური კატეხიზმო
     
  • հայերեն հայերեն
    Ուղղափառ կատախիզիս
     
  • Azərbaycan Azərbaycan
    Pravoslav katixizisi
     
  • Лезги Лезги
    Православидин катихизис
     
  • Нохчийн Нохчийн
    Керстанан катихизис
     
  • Қазақ Қазақ
    Православилік катихизис
     
  • Кыргыз Кыргыз
    Православ катихизис
     
  • Чӑваш Чӑваш
    Православи катехизисĕ
     
  • Татар Татар
    Православие катихизисы
     
  • Башҡорт Башҡорт
    Православие ҡатихизисы
     
  • Буряад Буряад
    Үнэн алдарта шажанай катихизис
     
  • kalmyk kalmyk
    Үнн алдртын сурһалин чимг
     
  • Саха Саха
    Православнай катихизис
     
  • فارسی فارسی
    اصول و تعاليم مسيحيت ارتدوكس
     
  • 한국어 한국어
    정교회 교리서
     
  • Việt Việt
    Sách giáo lý Chính thống giáo